ноябрехь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартан районерчу ВалартIехь ахархочун Эдалан доьзалехь.
Эдилов Хасмохьмада
юьхьанца цIахь дешна. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа 1936-чу шарахь хьехархойн училищехь а, тIаккха Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан дешаран комиссариатехь йиллинчу политпросвет школехь а дешна цо. 1941 – 1944 шерашкахь Эдилов Хасмохьмада белхаш бина Халкъан дешаран комиссариатехь школийн инспектор волуш а, республикански Халкъан кхоллараллин цIийнан инструктор волуш а, Ачхой-Мартанехь суьдан исполнителан даржехь а. Дуккха а тIаьхьа чекхъяьккхина Эдилов Хасмохьмада Нохч-Галгайн педагогически институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени.Нохчийн халкъан барта кхолларалле чIогIа шовкъ йолуш хилла Эдилов Хасмохьмад. Цо дукха ешна къоман барта произведенеш, цаьргахула веана лорура цо ша исбаьхьаллин литературе а. Ша яздан волалуш Мамакаев Iаьрбис чIогIа гIо дина шена олура цо. Поэзехь шен хьехархо а лорура цо и нохчийн гоьваьлла волу поэт Мамакаев Iаьрби.
Эдилов Хасмохьмад яздан волавелла 1937-чу шарахь, хьехархойн училищехь доьшуш волчу хенахь. Амма шина-кхаа шарахь а шен стихотворенеш зорбане ца елла цо, уьш ледара хеташ. Дуьххьара цуьнан стихотворени зорбанехь араяьлла 1939-чу шарахь.
Кхолларалла а, Дахаран некъ а